Нохчийчохь прокуратуро тIедилларца, дIакъевлина "догхантерийн" сайт. Интернетан агIонашкахь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла яржо йихкина дийнаташца къизаллаш муха лело еза хьоьху материалаш зорбане яьхна хилар.
Масала, хьоьхура жIаьлин юучух хIун тоха еза, иза дерхьама. Иштта дийцаре а деш, форумехь кхайкхамаш бора, дай боцу жIаьлеш хIаллакдан деза бохуш. Кхеле иск чуелла прокуратурано, и сайт дIакъовлар тIедожош.
"Карарчу хенахь оцу сайте вуьгу некъаш дихкина ду", - аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу прокуратурано шайн сайтехь.