"ДIовш даржош болу китайхой" махкахбахар доьху нохчаша

Иллюстрацин сурт

Кадыров Рамзане, цуьнан нене Айманига WhatsApp-ехула "пестицидашца хасстоьмаш а кхиош, къам хIаллакдеш хьийза китайхой" махкахбахар доьху Нохчийчуьрчу бахархоша кест-кеста.

Оцу хьокъехь рогIера месседж яржийна деношкахь а.

Нах тешна бу, хасстоьмаш сиха кхиош долу молханаш а детташ, китайхоша кхача баржабо, ткъа иза дIаьвше бу бохучух.

"Сан берийн бераш кест-кеста цомгуш хуьлу. Иммунитет лагIъелла церан. Китайхоша кхиийна помидораш а, наьрсаш а юу цара", - чIагIдо цхьана йоккхачу стага.

Кхечо чIагIдо, "нохчийн латта дIалацархьама адамашна дIовш ло китайхоша". "Уьш дукха баьржина, царна баха меттигаш яц, нехан лаьттанаш дIалоьцу цара. Махкара лахкабеза", - боху зудчо.

Оцу юкъанна "Кавказ.Реалиига" хаам кхаьчна, Оьрсийчохь берашна кхача арахоьцучу фирманашлахь лидер йолчу цхьана компанино шен продукт Нохчийчохь кхиочу дуганах ян сацамбина, аьлла. Дийцарехь, тоьлла дуга арахоьцу оцу махкахь.

Соьлж-ГIала бахархошна мехаза лоьралла дан баьхкина кху деношкахь Китайра медикаш. Мехий хIитторца, массаж ярца гоьбевлла говзанчаш бу хьошалгIа кхаьчнарш.

Цкъачунна хууш дац, муха ю шайга динчу дехарна дуьхьал КадыровгIеран реакци.