Полисхошна шишша зуда яло тIедиллина Iедалхоша

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна карара бутт берзале, шишша зуда ялор тIедожош, омра юкъадаьккхина Нохчийчохь. Цунах лаьцна аудио-хаам кхаьчна Маршо Радиога ватсапехула. Полисхошна а, ГАИ-н белхахошна а тIедиллина декхар кхочушдан дезар дIахоуьйтучу стага бахарехь, оьшу кехаташ вовшахтухуш, цхьана а кепара хьем хир бац царна, Iедалхоша цу тIехь гIолоцур ду.

Your browser doesn’t support HTML5

Полисхошна шишша зударий балор тIедиллина Iедалхоша

"Балхара дIаволий-схьаволий бохуш, осала къамелаш а ца деш, вай борша кIентий дуй дIахаийта деза вай, Дала аьто бойла вайн массеран а", - олий, дерзадо шен къамел хаамбечо.

Къамел деш волчу хьаькаман цIе хууш яц цкъачунна Маршо Радиона. Тхо талла гIоьртира, стенгара бу информацин бух. Соьлж-ГIаларчу полицин декъехь воцчу хехочо (ВОХР-ан белхахо) и омра официалехь дацахь а, лелаш хилар тIечIагIдира.

Цхьаннал сов зуда яло маго дезаш ду Дагестанехь а, Нохчийн Республикехь а, ГIалгIайчохь а, бохуш, дIахьедар динера 3 шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс.

Яьржина информаци мел бух болуш ю хаархьама, Маршо Радионо телефон туьйхира махкарчу некъан полицин хьукмате (ГИБДД), цара бакъду аьлла, тIе а ца тодира, дац аьлла, дIа а ца теттира.