Титиевн дов хаттар кханене теттина

Архивера сурт.

Титиев Оюбан дов хаттар дIатеттина еарин дийне. Бахьана ду цигахь дакъалоцуш бакъонашларъярхочуьнан адвокат ца хилар.

Титиевн дов хатта долийра Шеларчу суьдехь билгалъяьккхинчу хенал а 20 минот тIаьхьа. Титиев кхелехь вара, дакъаолоцуш а вара шен гIуллакх листа долош.

"Кавказский узело" бинчу хаамца, цунна гIортор ян Шела веанера "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр.

Титиевн дов хаттарехь бу цхьамоггIа хаамийн агенталлийн а, телевизионан а журналисташ.