Герз диттина 14 стагна чевнаш йина Торонтохь

Лаххара а 14 стагна чевнаш йина Торонтохь, герзаш диттина. Канадерчу полицино дIахьедарца, цхьа зуда елла, чолхечу хьолехь ю жима йоI. Кхоссархо вийна аьлла бу ницкъаллийн структурийн хаамаш.

ГIалин полицин куьйгалхочо дIахаийтарца, мича бахьанашца герз диттина цкъачунна къастаза дуьсу. Оцу меттигехь хиллачара даредарца, 25-зза тапча кхийсина зуламхочо.