ГIалгIа лачкъорна шеконашца лаьцна ши стаг

Назранерчу Экажево эвлара 34 шо долу вахархо Магасехь лачкъийна, вигина хилла туьтмIаьжгаш йоьхна, герзашца хиллачу 15-х стага. ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша хаамбарца, Несарарчу дарбан цIийне валийнера иза кхаарин буса кеп-кепара дегIа тIехь йинчу чевнашца. Буса исс сахьт долучу хенахь муьлш бу цахуучу наха лачкъийнера ша аьлла цо.

Зуламна бехке ву аьлла, Назранан кIоштарчу Барсуки эвлара ши стаг лаьцна полисхоша.