Чатаевца уьйрашкахь хилла аьлла, ялх вахархочунна кхел йина Тбилисехь

Чатаев Ахьмад

Чатаев Ахьмадан тобанца уьйрашкахь хилла аьлла, 10 шарера 13 шаре кхаччалц набахтехь такха хенаш кхайкхийна Тбилисин кхело 6 стагна. Зорбанашкахь ма-яздарра, Чатаев хьалханча волчу тобанна гIоьналла латтийна аьлла, таIзаре валийнера верриг а бархI вахархо. Царех ворхI ГIуьржийчоьнан бахархой хиллера: Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз, Чопанашвили Бадур, Идоидзе Зураб, Бердзенишвили Анатолий, Дудаев СаIид а. БорхIалгIачун цIе йовзуьйтуш яцара.

Стохка Лахьан-баттахь Тбилисехь дIаяьхьначу леринчу операцехь вийра полисхоша Чатаев Ахьмад, ткъа Оьрсийчоьнан вахархо Дудаев СаIид каравахара. Цул тIаьхьа бутт баьлча Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло Чатаевца уьйрашкахь хилла аьлла, ПIаьнказахь кхин а гуьржийн пхи вахархо дIалацарх хаийтира.

Царех Горнакашвили Зураб, Алдамов Руслан, Маргошвили Рамаз а, Чапанашвили Бадур а лецира, ткъа чевнаш йира Мачаликашвили Темирланна. Метта ца вогIуш велира иза Дечкен-беттан 10-чу дийнахь дарбан хIусамехь.

Дечкен-беттан 9-чохь дIакхайкхийра Идоидзе Зураб лацарх, ткъа оццу беттан 22-чу дийнахь каравахара Бердзенишвили Анатолий а.