Йовхо хIоттар бахьана долуш ялташ хIаллакхилла Нохчийчхь

Нохчийчоь -- Ялташ хIаллакхилла догдоьхна бу Нохчийчуьра юьртабахамхой.

Барамна тIера яьлла йовхо хIоттаро Iаткъам бина Нохчийчохь ялташ хьекъарна. Вуно доккха буьртиг-ялтан дакъа хIаллакхилла, хаам бо республикерчу Iедалша.

40% сов маьлхан хIуш а, буракаш а, мукх а, сула а, хьаьжкIаш а йийна кхаш дагийна малхо. Ялташ чудерзоран хан тIекхочуш иза долчу латтанийн барам бара 262,7 гектар.

Республикера Iедалш сатесна ду Оьрсийчоьнан юьртабахаман министралло меттахIоттор ду аьлла Iедалан а, нехан доларчу а бахамашна хилла зе.

2018-чу шарахь Нохчийчохь гулдина 268,7 эзар тонн буьртиган-ялта, хIора гектара тIера 24,3 центнер а гулдеш. Стохка и гайтам бара шозза алсам.