Your browser doesn’t support HTML5
Кхечу регионе Титиев Аюбан гIуллакх листар дехьадаккха дуьхьало йина Нохчийчуьрчу кхелахойн коллегино. Карарчу беттан 1-чу дийнахь Лакхарчу кхелехь йоьдучу кхеташонехь тIеийцира ишта сацам, хьалхо шайна йинчу дуьхьалонна адвокаташ латкъамбан гIертачу юкъанна.
Титиевн боллу адвокаташ бара кхелехь – Новиков Илья а, Заикин Петр а, Дубровина Марина а.
Мадаева а, Горбовцова а, Эдилсултанова а яра кхелахойн коллегехь. Изза суьдхой бара бакъоларъярхочун гIуллакх толлуш хьалхо дIадаьхьначу ладегIаршкахь а.
Байначу беттан юьххьехь Шела гIалин кхелехь дийцадолийра, довхаттар кхечу регионе дехьадаккхарх. Iедалхоша а, иштта Кадыров Рамзана а Нохчийчохь кхелахошна тIеIаткъам бо, цундела бакъонашларъярхочун гIуллакх кхечу дозан тIехь хила лаьа шена аьлла, дIахьедира адвокато Новиков Ильяс.
Еаридийнахь юха а айдинера Новиковс дов листар муьлххачу а кхечу махкарчу кхеле кховдорах, нохчийн Iедалхойх цигахь берш бозуш цахиларна.
Кхелахошна тоьшалла далош, адвокаташ гIоьртира, Кадыров Рамзана Титиевх а, "Мемориалах" а негативе дуьйцуш, интервью гайта.
Делахь а, суьдхоша, шаьш Iаччохь вовшашца дага а бевлла, тIе ца ийцира Кадыровн шога вистхилар, луьстучу гIуллакхца догIуш дац цуьнан къамел аьлла. Юха а гIоьртира адвокаташ кхи цхьа гIовгIане тоьшалла дало – 2016-чу шарахь меттигерчу телевизионехь зорбане яьллачу видеога хьовсийта.
ХIетахь регионерчу суьдхойх кIоршаме вистхилира мехкан куьйгалхо, юкъара ца воккхуш Лакхарчу кхелан куьйгалхо Каратаев Мохьмад а.
"Нагахь яхь, юьхь йолуш хьо стаг велахь, хьайн лаамехь балхара дIавала веза хьо", - аьлла, тIедожийра хIетахь Кадыровс Каратаевна.
Цул тIаьхьа масех де даьлча, Каратаевс дарж охьадиллира.
Кремлехь а цхьана, комментареш йира оцу гIуллакхан гонах, Москохна хетарехь, Кадыровс тIеIаткъам ца бинера суьдхочунна.
"Нохчийчуьрчу кхелахошна тIехь Кадыровс урхалла деш хиларан объективе факташ ма ю юьйцурш. Цара тIечIагIдийр ма ду, административан Iедалх нохчийн кхелахой бозуш бу я бац", - кхелахой тешо гIертара йоьдучу кхеташонехь Новиков.
Шен коллегас бохучунна тIе а товш, Заикина а билгалдаьккхира, республикан урхалхочуьнгара суьдхоша Iаткъам ловш хилар.
Делахь а, адвокаташа юьйцу интервью талла реза ца хилира кхелахой – Титиевн гIуллакх листарца юкъаметтиг яц аьлла Кадыровс динчу къамелаца.
ХIетте а, Заикина дагатесира, Нохчийчохь Кадыровс мел нуьцкъала тIеIаткъам латтош бу.
"Цуьнан лаам кхочушбархьама, цхьаболчу ледарчу наха низамехь доцург а леладо", - билгладаьккхира адвокато.
Иштта, цундела Кадыровн "Мемориалах" а, Титиевх а репликаш бакъонашларъярхо бехкехилар бакъде бохуш, кхайкхам санна тIеэцна, гIуллакх ма-дарра мухха делахь а.
ГIуллакх долийначу муьрехь масийттазза шен къамелехь Титиев – наркоман а ву, иза бехкехиларан дуккха а тоьшаллаш а ду бохуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо динчу дIахьедаршна тIе тидам берзийра адвокато Дубровина Маринас.
Бехказаллин презумпцин принцип йохайо оцу дIахьедарша аьлла хета адвокатна.
"Нохчийн Iедалхоша бен Iаткъам юьхьарэцча, нохчийн боллу кхелахой бозуш боцуш, озабезаме а боцуш хир бу аьлла ца хета тхуна", - аьлла Дубровинас. Ткъа суьдхочо Мадаевс юкъахъяьккхира иза, "луьстучу гIуллакхца догIуш дац адвокато дуьйцург" аьлла.
Титиевн дов карарчу заманахь а йиш йолуш ду кхечу регионехь хатта бохуш, кхелахой юха а тешо гIоьртира Новиков Илья. Нагахь иза бехкевийраш реза а хилахь, кхелан цхьаболу декъашхой кхечу регионашкара схьаэха декхарйила хилар а юьхьарэцча, низамаша магош ду гIуллакх листар дехьа-сехьа даккхар, элира адвокато.
"Титиевна гонах хIоттийна негативе фон а йоцуш, кхечу махкахь хатта йиш йолуш ма ду цуьнан дов", - бохуш, чIагIдора Новиковс.
"Шайн наркоман лаьцнера аьлла, дуьне хьала ма гIаьттина…Изза наркоманаш ма бу уьш шаьш а. Цо (Титиевс) лелош хила ца мега и наркотикаш? 60-70 шераш долу наркоманаш лоьцуш, Iаш ма ду тхо. Уьш бац дIалеца мегаш? Дера мега-кх", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийра адвокато.
"Иза анаша узуш вара аьлла теш ву-кх тхан. Мел оьшу тоьшаллаш ду", - Кадыровс алар а дIадийшира Новиковс.
"Титиев бехкехиларх цо дIакхайкхийна, кхело тIе ца эцча ца довлу цуьнан дешнаш", - бехира адвокато Новиковс, амма кхелахоша тIе ца дитира цо бохург.
Доцца аьлча, Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело Кадыровс аьлла цхьа дош тидаме ца ийцира. Адвокаташна дуьхьало еш сацам хилира суьдхойн.
Цу сацамна дуьхьал Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь бен латкъам бойла дац.