Беной-Веданахь 8 шо долу кIант вийна

Нохчийчохь бер дийначу стагна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна Талламан комитетан версица, Нажи-Юьртарчу Беной-Веданахь кхааридийнахь 36 шо долчу стага урс тоьхна 8 шо долчу кIантана. Цул тIаьхьа урамехь кхи шинна а дина цо уьрсаца тIелатар.

8 шо долу бер делла, важа шиъ кеп-кепарчу чевнашца дарбан цIийне кхачийна. Зуламхо лаьцна, талламаш болийна хиллачунна гонах.