ЕГЭ бахьанехь хьехархой балхара дIабаьхна ГIалгIайчохь

ГIалгIайчохь пачхьалкхан экзаменаш (ЕГЭ) дIахьочу заманчохь къепе йохорна аьлла бехкебина, школашкара балхара дIаваьккхина ялх хьехархо. Кхин ледарло ма ялийта аьлла, бехк а баьккхина витина виъ педагог. Экзаменийн жамIех дуьйцуш, Магасехь йоьдучу кхеташонехь бина и хаам дешаран, Iилман министро Костоев Юсупа.

Экзамен йоьдучу хенахь дешархоша телефонаш, йозанийн кехаташ лелийна меттигаш хаабелла, цундела таIзар дина хьехархошна аьлла министро.

Иштта дешаран, Iилман урхалхочо билгалдаьккхина, карарчу шарахь ЕГЭ-на тIехь Iуналла тIехдика латтийна хиларх а, кхиамца экзаменаш дIаелларш алсамбевлла хиларх а.