Манчестерехь герзаш диттина, лазийнарш бу

Манчестерехь герзаш деттарца итт стаг лазийна. ГIалин халкъан синкъерам бирзинчул тIаьхьа хилла и инцидент. ТIелатархочун вада аьтто баьлла. Кеп-кепара чевнаш йина гулбеллачарна. Церан дахарна кхераме хIуммаъ дац аьлла лоьраша.

Адам дIасадуху хан хиларна каяьлла зуламхочун къайлавала. Полицино талламаш беш бу, веддачун лорах кхета гIерташ.