Дудуркаевага бехк кховдо мегаш бу Туркойчохь

Истанбул. Гайтаман сурт.

Туркойчохь лаьцна йолчу Нохчийчуьрчу яхархочуьнга Дудуркаева Седе бекх кховдо мегаш бу кху шеран Гезгмашин-баттахь я ГIадужу-баттахь. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, цу жимачу зудчуьнан адвокатна Демир Атануна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Истанбулерчу кхело таллам болийна Дудуркаевана дуьхьал, "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхо иза хилла аьлла. Амма цкъачунна цунна бехк биллина бац.

Туркойчохь иза лацарх лаьцна хаам бира зорбанан гIирсаша Товбеца-беттан 20-чохь. Стохка гурахь дуьйнна хиллера Дудуркаева Седа Туркойчохь.