Набахте хьажийна Африкехь байинчу Оьрсийчьурча журналистийн машенлелорхо

Юккъерчу Африкин Республика. Бангли гIалара урам.

Юккъерчу Африкин Республикехь байинчу Оьрсийчуьрчу журналистийн Джемал Орханан а, Расторгуев Александран а, Радченко Кириллан а машенлелорхо хилла стаг чувоьллина набахте. Бахьана ду цуьнан кхерамазалла ларъяр.

Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Оьрсийчоьнан цу махкарчу векалаллана тIе а тевжаш. Карарчу хенахь и стаг теш санна юкъаозийна ву журналисташ байар хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхна.