ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь

ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь. Цу хьокъехь омра арахецна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнца а догIуш, кху беттан 20-гIа а, 21-ра, 22-гIа а денош мукъа хир ду Нохчийчохь.

Хьалхо республикерчу муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас видеохаам бинера ГIурба дийр ду Марсхьокху-беттан (Август) 21-чу дийнахь аьлла.