ДАIИШ-на тIехь толам баккхалц дуьсур ду Iамеркан эскарш Шемахь

Шема -- Iамеркан эскарийн тIеман база Манбиджехь (Manbij), Стиг 8, 2018

Iамеркан эскарш Шемахь дуьсур ду буьззинчу барамехь "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) шех олучу тобанна тIехь толам баккхалц. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векало Саттерфилд Дэвида.

Цо дийцарехь, билггала и позици яра Iамеркан президенто Трамп Доналда Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимирна ХIелсинкехь йовзийтинарг.

Трампа хьалхо дуккхазза а дIахьедарш динера гергарчу хенахь Iамеркан эскарш Шемара арадохур долуш ду бохуш. Цо иштта хаам бинера ерриг аьлчанна Шеман территори "Исламан пачхьалкхах" дIацIанйина хиларх лаьцна.