Соьлж-ГIалахь а, Шелахь а полицин белхахошна тIелатар динчу кхиазхошна куьйгалла деш хилла махкал арахьара, дIахьедар дина Кадыров Рамзана «ВКонтакте» сициалан машанехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цхьа а шеко яц полицин белхахошна тIелата аьлла кхиазхошна махкал арахьара социалан машанашкахула омра дина хиларан. Иза, низам лардеш болчарна дуьхьал хилла ца Iаш, дерриг а нохчийн халкъана дуьхьал бина къайлаха барт бу.
Кадыровс билгалдаккхарехь, вербовка йинчеран шайн леррина Iалашо хилла – Оьрсийчоьнан юкъараллехь берех а цхьаьна кхиазхошка тешам байар, хIора 11-12 шо долу бер хир волу террорист ду аьлла ойла кхоллийта.