Дешаран шо: цхьа бер – цхьа гIайгIа, ши бер – ши гIайгIа

Your browser doesn’t support HTML5

Дешаран керла шо – дай-наной гIайгIанеххий, берийн хазахетарех бозало мур. Керла кинжканаш, керла дешаран йийбар, дешархошна магош доллу духар эца тIедужу хIора доьзална. Оцу гIайгIано лаьцна го дукха адам кху деношкахь. Делахь а, йолу а, йоцу а таро юьту наха шайн берийн дуьхьа туьканашкахь, базаршкахь. Муха кечдина бераш Дешаран Керлачу Шарна теллира Маршо Радионо.