"Донецкан Халкъан Республика" олучу кIоштан куьйгалхо, "бакъволу халкъан патриот" Захарченко Александр вийначул тIаьхьа, Нохчийчоь кийча ю муьлхха а оьшу гIо кхачо", - аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Маршо Радионо хаамбира, пIераскан суьйранна "Сепар" ресторанехь эккхийтар дина, вийна хиларх сепаратистийн хьалханча Захарченко Александр.
"Донбассна тIехIоьттинчу кху халчу дийнахь, тхо шуьца ду, оха цхьалха дуьтур дац шу", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.
"Мекарчу, ямартчу талорхоша вийна Донбассан бакъволу патриот, халкъан лидер, бакъонехьа, нийсонехьа къийсам латтийна Захарченко", - билгладоккху Кадыровс.
Ишта Кадыровс дIахьедарца, "демократи, дешан маршо, адамийн бакъонаш" бохуш, дозаллаш дечу Европан бала бац, Украинан Iедалхоша "террорхой, талорхой, зуламхой" шаьш долчахь тIе а гулбина, цаьрга герз а делла, уьш дIахецарца.