Хатуев Iабдул - Хьамид. Синмехалаш

Your browser doesn’t support HTML5

Хатуев Iабдул - Хьамид. Синмехалаш

Хатуев Iабдул - Хьамид.

Синмехалаш

Дедайша лардинарг сийца,

Бендоцуш дIатесна вай,

Хиллачийн къайленаш йийца,

Сатуьйсуш къежбелла дай.

Ламанца бIаьвнийн зил тилла,

Мел гучохь – къежделла чурт.

Ма къиза, ма экам хилла,

Нохчийчоь, хьан турпал сурт.

ТIулгаш тIехь йозанаш деза,

Заманаш ялхаеш кхин.

Муридийн назманаш хеза,

Беснеш тIехь Iийдало хи.

Деза вай иймане дерза,

Вон-дика цхьабосса ловш.

Олучохь – массаьрца мерза,

Лелачохь – массаьрца товш!

Дагчуьра вайн маьлхан кешнаш,

Дай цIераш яха йиш яц,

Ца лардахь дайн шира дешнаш,

Хиндолчо вай лардийр дац!

Ийман-ислам, синмехалаш,

Вайна дешел сийлахь ю,

Уьш вайн дегнийн къонахалла

Узуш долу терза ду