Сенцовн могушалла эшна йогIу

Сенцов Олеган шича Каплан Наталья

Оьрсийчуьрчу набахтехь мацалла кхайкхийначу Украинан режиссеран Сенцов Олеган могушалла де дийне эшна йогIу аьлла, Фейсбукехь хаамбина цуьнан шичас Каплан Натальяс. 121-ра де ду Сенцовс мацаллин протест кхайкхийна.

Шега Сенцовс даийтинчу кехат тIехь, цо шен могушалла ледара ю, хьалхалерачу цамгаршна гипоксия тIекхетта аьлла, дийцина Каплана.

Иштта шичас дийцарца, "тIаьххьара кехатца весет а дина цо".

Хьалхо Сенцовн адвоката Динзе Дмитрийс дIахьедарца, мацалла бахьанехь дагца а, пхенашца а, жаннашца а, доIахца а проблемаш яра цуьнан. Адвокато бахарехь, Сенцовн могушалла латторхьама терапи ечу набахтин белхахоша денна дехарш до цуьнга, мацалла сацае бохуш.

Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, бехкевина, Оьрсийчоьно набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна Украинан режиссерна Сенцов Олегна. Бехкаш тIе ца лоцу цо.

Стигалкъекъа - беттан 14-чохь дуьйнна мацалла кхайкхира цо, оьрсийн набахтешкара политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожош. Цо масийттазза дIахьедира, ша мацалла юхайоккхур яц, шена жоп даллац аьлла.

Сенцов дIахецар дийхира тIаьххьарчу беттанашкахь дуьненчуьрчу 100 културан гIуллакхдархоша а, бакъонашларъярхоша а, Малхбузерчу пачхьалкхийн лидерша а.