Бусулбачийн керла шо
Your browser doesn’t support HTML5
Тахана долалуш ду бусулба нехан керла шо - хьиджран рузмаца Мухьаррам беттан дуьххьарлера де хуьлу иза. Исламан дезачу деношна юьккъехь дац керла шо, цундела дукхахболчу мехкашкахь даздеш дац иза. 662-чу шарахь Мухьаммад Пайхамара хьиджрат дарх лаьцна хьехамаш бо кху дийнахь маьждигашкахь. Бусулба рузман дуьххьарлера бутт лоруш бу Мухьаррам. Дино бахарехь, керлачу шеран хьалхара бутт адамо дIабахьаре терра хир ду цуьнан дисина беттанаш а.