Думан депутатна йиттинарг дIалаьцна Нохчийчохь

Пачхьалкхан Думан гIишло

Оьрсийчоьнан Думан депутатна Жигарев Сергейна йиттина аьлла, шеконашца лаьцна Дудаев ИбрехIим чохь вуьтур ву карабогIучу беттан 9 -чу дийне кхаччалц. Москохарчу Таганскан кхело тIеэцна цу кепара сацам.

Кхелан пресс-секретаро Сухинина Юлияс "Интерфакс" агенталле аларехь, Дудаев бехкево еттарна а, ахча лачкъорна а. Нагахь бехк тIечIагIбахь, набахтехь даккха итт шо а, 1 миллион сом гIуда а хьарчор ду цунах.

Кху аьхка депутатна Жигарев Сергейна тIелатар а дина, йиттинера Москох. И инцидент хиллачул тIаьхьа Нохчийчохь дIалаьцна Дудаев Москох кхачийра байначу беттан 10-чу дийнахь.

Цо мукIарло дина, депутатан хилла езар юкъа а ялош. Иза а ю Жигаревн баккхийчу барамашкахь ахча даьхьна аьлла, бехкееш.