Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхойн, коьртачу декъана, Iедал дац шайна муьтIахь боцучу зорбанан гIирсашна интервью луш. Уьш боьлла журналист микрофон кӀелхӀотторг санна гарх. Бозуш боцучу репортерашца церан юкъаметтигаш ца нисло. Нагахь уьш лело гIоьртича девнаца, вовше духьалтохарца доьрза иза.
Цундела тамашийна ю парламентан спикеро Даудов Мохьмада Кадыровн Iедална критика ярца вевзачу блогере Абдурахманов Тумсога буьйсанна телефон еттарца йоьзна истори.
Нохчийчуьра дIаваха дезна Абдурахманов масийтта шо а ду махкал арахьа веха. Цо лоьхург ду шена дехкина "харц бехкаш" юхадахар. Йоццучу хенахь и жима стаг вевзаш волу блогер а хилла дIахьоьттина, YouTube-хь цо арахоьцу видеошна терго ян дIаязвелла 80 сов эзар стаг а волуш. Кадыровн Нохчийчоьнах лаьцначу цуьнан роликашка хьожу юккъерчу барамехь масийтта бIе эзар стаг.
ДIабаханчу Марсхьокху-беттан 23-чохь буьйсанна 12 сахьт даьллачул тIаьхьа Абдурахмановга телефон тоьхна, Даудов ву ша аьллачу стага. Цунна хаа лууш хилла, болгеро рогIерчу видео тIехь шен цIе хIунда яьккхина. Телефонехула къамелдечо реза воцург шега юхьдуьххьала схьа ала аьлла лаам гайтина Абдурахмановна.
Хьалхара цу шинан къамел хилла 2 сохьтехь, цул тIаьхьа вовше кехаташ а яздина, аудиокъамелаш а дина Даудовс а, Абдурахмановс а WhatsApp-хула.
И дерриг а Абдурахмановс арахецна YouTubeчу шен каналехь. Хьалхара дакъа – Марсхьокху беттан 23-чохь (41 минот), шолгIа дакъа – Марсхьокху-беттан 30-хь (1 сахьт 2 минот), кхоалгIа дакъа -- Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь (1 сахьт 31 минот).
Даудовс бакъо елла Абдурахмановна шайн къамел дIаязда а, иза нахана хазийта социалан машанашкахь арахеца а. Цо гойтуш ду цу къамелана иза дика кечвелла хилар. ТIе тидам бохуьйтург ду ша парламентан спикеро шен социаланан машанийн агIонашкахь цхьа дош аьлла а хьахийна ца хилар ша блогерца дина къамелаш.
"ЗIе тохар со зе гIортар дара. ГIуллакх хилахь – кхеро, гIуллакх ца хилахь – кIадван. Нагахь цуьнах а, вукхуьнах а гIуллакх ца хилахь, ас дечу къамелехь гIалаташ каро, тIаьхьо дуьхьал даккха пайденна хир долу. Къамел деш со волу меттиг къасто хьажна а хилла хир бу", - аьлла комментари йина Даудовс шега телефон тохарна Абдурахмановс Кавказ.Реалиин дехарца.
Парламентан зорбанан сервисана цу дискуссина комментари ян ца лиира, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.
Дуьххьара дуьйна блогеран канале язбелларш дуьхьал ойла йолуш бара Даудовна. Хила мегаш ма хиллара, цара озабезам бора Абдурахмангахьара (цуьнан роликашна кIеллахь йитина эзарнаш комментареш).
Амма уьш даре ца дича ца бевлира: Абдурахмановн аьтто ца белира буьззинчу барамехь шена беллачу аьттонах пайда эца, наггахь иза гIорасиз хилара ладогIархой тешош йолу ойла гайта. Хеталора иза тоъал кечвелла ца хилар, цунна дуьхьал волчуьнца вуьстича.
Дуккха а меттигашкахь блогеро "нека дора". Спикеро юькъа маж хуьлу нагахь иза сих-сиха йошуш хилча аьлла, жамI дича (Даудов дуьхьал ву нохчийн божарша маж ю бохуш "газан цIога" лелорна), Абдурахмановс, хIунда делахь а, дуьхьало ца йира, юьхь тIехь месаш алсам хилар я ца хилар адаман могушаллан бахьанашца дозуш ду, масала шекаран цамгар кхетарца, аьлла. Иза хаа дукха воккха Iилманча хила оьшуш дацара, интернетехь шозза-кхузза пIелг тоьхча карор бара оьшу хаамаш, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.
Шен агIор Даудов гIорсиз вара, Ичкерин зама йолуш Iедалша лелийначунна Абдурахманов жоьпе ван иза гIоьртича. Даудовна ца хууш хилла хир дац Ичкерин Iедал долуш Абдурахмановн маса шо хилла, хIинца иза 30 шарал тIех иккхина (32 шо) а бен ца хилча.
ДIакъевлинчу дийцаршкахь бозуш боцучу эксперташа билгалдоккху, Даудов Мохьмад дика кечвелла хилар шайн Iедална критика ечу блогерца къамел дан. Царна хетарехь, массерна а хозуьйтуш къамел дар парламентан спикеран тобано дика кечйина пиар-акци ю.
Абдурахмановс арахецначу видеошка хьаьжначу наха билгалдоккху Нохчийчуьра Iедалш Даудовн карахула шаьш а адамашна хеттарг хеташ хилар гайта гIортар, ткъа оппозиционер бехказа вала ца гIиртира цахилар лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочунна хьалха.
Вуьштта, цу шинан яхъеллачу дискуссин тIаьххьарчу декъо дагаяийтира тIех сов яхъелла сахьийзо сериал, билгалдоккху Кавказ.Реалиино.