Нохчийчоьнан истори юхаязъе аьлла Кадыровс

Iилманчашна Нохчийчоьнан бакъйолу истори язъяр тIедиллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Болу хаамаш тешаме ца хета цунна.

"Агенташа а, патриоташ ду шаьш бохуш, лелачу наха а хIоттийна хила ца еза нохчийн истори, вайн Iалашо ю - тешаме, бакъ истори язъяр", - аьлла Кадыровс Iилманчийн конгрессехь Соьлжа-ГIалахь.

Историкашца къамел хиллачул тIаьхьа сацамбина Кадыровс Iилманчийн юкъаралле кхайкхамбан. Нохчий бу хIорш бохуш, хIирийн а, гIебартойн а элийн суьрташ гайтина историкаша шена аьлла Кадыровс.

Хьалхо News.ru хьостано яздира, Нохчийчоьнан доза хийца дагахь ву Кадыров аьлла. Республикан административан дозанаш къасто комисси вовшахтухуш, омрана куьйгяздинера цо.