Зударийн Де - цхьаболучарна

Your browser doesn’t support HTML5

"Нохчийн Зудчун Де" баккхийберца тIеоьцу Нохчийчуьрчу бахархоша. Оцу дийнахь карлабовлу хIора зудчун шен дахарх болу дагалецамаш, самабовлу сатийсамаш. Соьлжа-ГIалахь хIиттийнера зударшна даздарш. Бакъду, Iедалхоша бакъо еллачун бен аьтто ца белира митинг-бараме кхача – стохка а санна, дихкина дара маьршша чувахар, полицино толлура, зуьйра гонах мел дерг. …Журналистна цхьаъ дуьйцура зударша, кхин хезара барамна чу ца битарна резабоцучаьргара.