Нохчочун сценари тIехь кино йоккхур ю Disney компанино

Агаев Шемал

Disney компанино кхайкхийна хиллачу проектехь толам баьккхинчийн сценарий тIехь Оьрсийчохь "Ирс – и ду…" кино яккхар дIадолийна. Ирсах лаьцна йийцинчу 7 исторех лаьтташ хир ю киноальманах. Москох а, Петарбухахь а йоккхур йолуш ю юьйцу фильм. Цу тобан юкъахь дакъалоцуш хир ву нохчийн режиссер, сценарист Агаев Шемал. ТIедогIучу шарахь шуьйрачу прокатехь гайта йолор йолуш ю и кино.

Проект вовшахтухуш конкурс дIакхайкхийнера стохка аьхка. Къаьмнашлахь дIаяьхьначу оцу конкурсехь толам баьккхира Агаев Шемала.