Нохчийчуьра Гуьржийчу боьду некъ юхабан болор бу

Нохчийчуьрчу Итон-Кхелара дIа Гуьржийчоьнан Ахметовн кIошта ткъех шераш хьалха болийна некъ юха бан тарло. И некъ Федералан маьIнехь йолчу объектийн тептаре баккхарх дийцарш дийр ду Росавтодорехь. Ткъа некъ болор бу шина пачхьалкхна юкъахь барт хиллачул тIаьхьа. Росавтодоран куьйгалхочо Старовойт Романа бина и хаам.

Нохчийчуьрчу Итон-Кхелара дIа бечу некъо ткъа шо хьалха Оьрсийчоь а, Гуьржийчоь а вовшах йоьзна хила езаш яра, амма гуьржийн агIоно некъ биллар сацийнера, хаамбо ТАСС агенталло.

Къилбаседа Кавказан регион кхиорехь маьIне ду аьллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гуьржийчу трасса хилар.