Your browser doesn’t support HTML5
Адыгейрчу гуманитаран талламан институтан директоро Тлеуж Адама кхайкхам бина, республикехь велларг дIаверзош лелочуьнан кеп билгалъяккха еза аьлла. Цу балхана юкъаозийна бу Адыгейн муфтиятан белхахой а, юкъараллин жигархой а, Iелим-нах а.
Дуьйцург ду велларг дIавуллуш дойучу рицкъан барам лахбар а, тезет даьлча лелочуьнан кепаш аттачу яхар а.
Масала, Iелим-нахана хетарехь, дIадаккха деза тезетехь дуккха а наха дехха къамелаш дар. Ткъа иза юкъадоккхучу заманна тезеташкахь бистхуьлучу нехан терахь лахдан деза кхаа стаге кхаччалц.
Реформан агIончашна хета, кешнашкахь чурташ цхьатерра хила деза аьлла а, цигахь керташ яр а, кошана гонаха пилта йиллар а, чурта тIехь сурташ дахкар а оьшуш дац аьлла а. Цул сов, керлачу юкъадаккхаран авторшна хетарехь, чурта тIехь йозанаш дан деза адыгийн маттахь.
Адыгейхь айина хаттар вуно мехала ду кхечу Къилбаседа Кавказерчу республикашна а. Ткъа цхьайолчу республикашкахь и хаттар тидаме эцна дикка хан ю.
Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а стаг велча цхьадолу лакхохьа хьахийна хIуманаш лелош доцу дикка хан ю. Чурташ тIехь беллачеран сурташ дохкуш Iедал дац цигахь. ШагатӀулган пилта йиллар а, мокхазан бордюраш яхкар а наггахь бен хуьлуш дац.
Амма цу республикашкахь а шайн хаттарш а, халонаш а ю велларг дагалоцуш ечу харжашца йоьзна. Нохчийчохь Советан зама дIаяларца а, тIемаш хиларца а доьзна баккхийн хийцамаш хилла стаг дIавуллуш лелориг хIокъехь. Баккхийчара ма диццара, дуьненчу долучу адамал а алсам адамаш леш хилча, стаг кхалхар могIарера хIума санна тIеоьцуш Iедал ду.
ТIаьххьарчу хенахь Нохчийчохь мелла а лахбан гIерта тезет даьлча а, зуда ялийча а дойучу ахчанан барам. Делахь а, массо а вац Iелим-наха дан деза бохучуьнга ладугIуш, иза хьехам санна чулацам болуш хиларна.
ГIалгIайчохь стаг дIаволлар а, зуда ялор а цхьана хорша дало гIерта хир ду иттех шо. Цу республикерчу бусалбанийн ассоциацин куьйгалхочо Абадиев Мусас дийцарехь, цара барт бина, велларг дIавуллучу дийнахь зударий кадам бан оьхур бац, нагахь уьш кхелхинчуьнан юххера гергара бацахь аьлла.
Стаг велла 7-гIа а, 39-гIа а буьйсанаш билгалъяхар а дитина ГIалгIайчохь. Дуккха а ярташкахь меттигерчу бахархоша билгалбаьккхина стоьлашна тIе хIотто мегар болу кхача. Цуьнан Iалашо ю тIех сов ахча дойуш хIума ца леладайтар.
Абадиевc дийцарехь, масала, Несар-Кортахь тезете баьхкинчарна хьалха жижиг а, чорпа а, салат а юьллу. Чайца ло шекар а, мерзачу бепиган даар а. Стоьмаш а, цIазамаш а, моз а, хьовла а хьалха дилла магош дац.
Абадиевс дийцарехь, мегаш дац боберийн бахам а, рицкъ а хьадан, ткъа велларг къен стаг хиллехь, тезетехь кхин хIумма хIотто оьшуш дац чай а, хьокхум а боцург.