Нохчийчохь зудчунна таIзар дина беран ледарло ярна

Соьлжа-ГIалахь пхоьалгIачу гIатан корах чудоьжна шо кхаьчна бер. Шен ненан декхарш ледарлонца кхочушдарна бехкбиллина цунна, хаамбо прокуратурано. Оцу урхаллан хаамашца, хIусамчу керла хIо кхетийта кор а диллина, нанас чуьра цхьацца дезарш дечу заманчохь, тергамза дисина бер корах чудоьжна хиллера. Масийтта чевнашца дарбан цIийне далийнера бер.

Карарчу заманчохь лоьрийн оьшу дарба а дина, бер дас-нанас цIа дигина. Бехкзуламан гIуллакх ца айдеш, административан жоьпалла тIе а дожийна, дерзийтина гIуллакх, яздо прокуратуран сайт тIехь.