ГIалгIайн депутаташа тIечIагIбина Евкуровс а, Кадыровс а бина барт

Магас.

ГIалгIайчоьнан депутаташа тIечIагIбина доза хьокъехь Нохчийчоьнца бина барт. Цунах лаьцна ТАСС агенталле хаам бина цу республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Хьалхо нохчийн а, гIалгIайн куьйгалхоша доза тIечIагIдарх лаьцна бина барт, дуьхьал цхьа а воцуш, къобалбира Нохчийчуьрчу парламентан декъашхоша.