ГIала хилла Куршлойн-эвлах

Куршлойн-ГIала.

Тахана дуьйна керла гIала гучуяьлла Нохчийчоьнан карти тIехь. Куршлойн-эвлах хилла Куршлойн-ГIала, хаам бо "Чечня сегодня" сайто.

Цу хьокъехь сацам тIеэцна республикерчу парламентан депутаташа. Куршлойн-ГIала административан юкъ ю Куршлойн кIоштан. Таханлерчу денна цигахь вехаш ву 25 эзар гергга вахархо.