Боксёр Мейвезер веана Соьлж-ГIала

Мейвезар Флойд.

Вевзаш волу Iамеркан боксёрр, 12-за дуьненан чемпион, Мейвезер Флойд веана Нохчийчу. Соьлж-ГIаларчу аэропортера вевзаш волу спортхо вахара Соьлж-ГIалин юккъе.

Цунах лаьцна хаам бина республикан куьйгахочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, Мейвезер дуьххьара вогIуш вац Нохчийчу. РогIера иза Соьлж-ГIала кхачар дозна ду и гIала йиллина 200 шо кхачар даздарца.