Сенцовс мацалла хьегар сацийна – ФСИН

Сенцов Олег.

Оьрсийчоьнан Федералан таIзарш кхочуш даран сервисан директоран когаметто Максименко Валерийс дIахьедар дина, Украинерчу режиссеро Сенцов Олега мацалла хьегар сацийна аьлла.

Сенцов хIума ца кхоллуш сецира Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь. Цо доьхург дара Украинера политикан тутмакхаш Оьрсийчуьрчу набахташкара дIахецар.

Сенцов эххаре а бертавалийра шайн лоьраша аьлла, хаам бина "Интерфаксе" Максименкос.