Нохчийчоьнца доза къасторан хаттар референдуме дуьллучех дацара - Евкуров

Евкуров Юнус-Бек.

Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарца доьзна хаттар референдуме дилла хьакъ долчерах дацара аьлла, дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Магасехь хиллачу кхеташонехь.

"Шина субъектана (Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а) юкъахь доза дацара. Ткъа и доза билгалдаьккхинчул тIаьхьа бакъо яц, референдум а ца еш, доза хийца", - аьлла Евкуровс.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Магасехь митинге гулбеллачу нахана дуьхьал ницкъ боккхур бац, ткъа ша и акци низаман хорша йоккхур ю аблла барт бина республикан Iедалан а, юкъараллин а, муфтиятан а векалша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", митингехь цунах лаьцна дIахьедар динчу муфтиятан декъашхочунна Барахоев Ахьмадана тIе а тевжаш.