Iедалша билгалъяьккхинчу майдана дехьаяьккхина Магасера митинг

Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьалбевлла, митинге арабевлла меттигера бахархой, Iедалан пурбанца "ГIалгIайчоь" телерадиокомпанина герга дехьабевлла аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле жигархочо Мальсагов Мусас.

"Четарш а, гIанташ а Магасан коьртачу майданара къоман телерадиокомпанин гIишлонна хьалхарчу майданахь дIахIиттийна жигархоша. Оршотдийнара 15-чу дийне кхаччалц магийна Iедалхоша митинг латто", - аьлла юкъаралхочо Зязиков Идриса. Цо бахарехь, декъашхой даим а хийцалуш бу: нах цIа а боьлхий, жимма са а доIий, йовха бедарш хуьйций, юхабогIу. Бовха кхача латтабо гулбеллачарна уьш лаьттачу майданахь.

Байначу беттан 26-чохь куьйгашяздира ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша дозанаш къастош. Дахначу еаридийнахь республикерчу парламентан депутаташа куьйгашца чIагIбира хилла барт.

Цхьаболчу депутаташа дIахьедира, шайн кхаьжнашца харцонаш лелийна аьлла. Иштта цара тIедожийра кхаьжнаш юхатийсар.