Москох харцахьа леллачу нохчочуьнга шена тIевола аьлла Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ца тайна вевзаш воцчу жимчу стага транспорт тIехь дехьо хиъна Iачу кIантана энергетик чохь хилла шиша тIе а ластош, "Ахмат- сила" алар цунна тIедожор. Юкъарчу транспорт тIехь оьзда хилар доьху дуьхьал оьрсийн кIанта.

Яьккхина видео нохчочо ша яржийна интернетан машанехь. ХIинцале а цуьнга хьаьжна 2 эзар сов стаг. Оцу суьрто оьгIазвахийтинчу Кадыров Рамзана масех сахьт хан елла видео тIехь волчу нохчочунна шен гергарчу нахаца шена тIеван.

Бакъболчу нохчаша шайн гIиллакхаш а, ламасташ а лардо, шаьш миччахь белахь а аьлла, бехк ца биллар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.