Пачхьалкхан цIе хийцина Македонин парламенто

Пачхьалкхан цIе хийцина Македонин парламенто.

Македонин парламенто гIортор йина цу пачхьалкхан цIе хийцарна. ХIинца иза хир ю Къилбаседа Македони. Маршо Радион Македонин сервисо бинчу хаамца, цу низаман проектана кхаж тосуш 120 депутатах дуьхьал хилла 39 парламентари.

ХIинца и низаман проект тIечIагIъян дIахьажийна пачхьалкхан цIе хийцарна дуьхьал волчу цу мехкан президенте Иванов Гёрге.

Югослави йоьхначул тIаьхьа Македонех йозуш йоцу пачхьалкх хилира 1991-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна къийсам дIахьош ю иза, Македони аьлла цу пачхьалкхан цIе хиларна дуьхьал йолчу Грецица. Грекаша чIагIдо, цу цIарца ерг шайн пачхьалкхан къилбаседехь болу историн мохк хилла хилар.

И бахьана долуш Грецино сацийна латтош дара македонхой НАТО-на а, Евробартана а юкъабахар. ХIинца и некъ цу пачхьалкхана схьабиллина бу.

Гезгмашин-бутт чекхболуш Македонехь референдум хилира, пачхьалкхан цIе хийцарх а, Евробартах а, НАТО-х а иза дIакхетар хьокъехь а. 91 процент бахархой реза хилира мехкан цIе хийца а, НАТО-на а, цхьаьнакхеттачу Европина а юкъабаха.