Президентан харжамашкахь шолгIа мур хир бу Гуьржийчохь

Гуьржийчоь -- Коьртачу харжамийн комиссин зорбанан секретар Микеладзе Анна.

Президентан харамашкахь 100% гергга бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа гучудаьлларг ду цхьана а кандидато гулдина ца хилар хьаллхарчу муьрехь толам бакка оьшуш долу кхаьжнаш.

ББС-но бинчу хаамца, 98,25% меттигерчу харжаман каппашкара кхаьчначу хаамашца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандидато Зурабишвили Саломес гулдина 38,6% кхаьжнаш. Оьшуш дара ах сов кхаьжнаш гулдар.

ШолгIачу меттехь ву оппозицин кандидат Вашадзе Григол - 37,75%.

И шиъ шолгIачу муьре даьлла.

Верриг а Гуьржийчоьнан президентан дарж къовсуш вара 25 кандидат.