Окуева Амина: "ТIеман а, коррупцин а хIу ца дайало…"

Окуева Амина

Шо хьалха йийна Окуева Амина дагалоцуш...

Your browser doesn’t support HTML5

Окуева Амина: "ТIеман а, коррупцин а хIу ца дайало…"

"Вала а ирс оьшу-кх стагана, ваха а санна" олуш ду. Хьеннан а ца болу кхаж, ткъа Аминин нисделла ша са ма тийссара, яла.

Шо хьалха тIамехь кхелхина иза. Дацара цуьнан ялар биллина боьдучу тIамехь. МостагIчо коьллаш юкъара тешнабехкца, герзаш диттина, йийра иза.

Окуева Амина – нохчочунна йина Украинан жигархо, лор, тIемало, Киеверчу Евромайданан декъашхо яра. Шен хIусамдеца Осмаев Адамца цхьана Донбассехь лаьтинчу тIемашкахь дакъа а лаьцнера цо, Дудаев ЖовхIаран цIарахчу батальонехь. Киевн герггахь йийра иза стохка ГIадужу-Беттан 30-чохь.

2016-чу шеран гурахь евзира суна Окуева Амина. Евробертан дозанашкахула дехьабийла гIертачу Нохчийчуьрчу мухIажирех материал кечъеш яра со хIетахь. Вовшашца зIене елира тхойшиъ, Киевн АТР телеканалехь оцу ситуацех лаьцна дийца.

Аэропортехь суна дуьхьал деанера цхьа башхачу колоритехь зудий, майрий: тIехула юхучу кучаца хеча а йоьхна, хьиджаб тиллина Амина а, камуфляжца Адам а.

Осмаев Адам

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечамаш беш вара аьлла, лаьцна латтийначуьра маьршаваькхкинера иза хIеттахь. Майдано а, къаьсттина Аминин жигаралло а гIо дира иза арахецарехь.

Киеве тхо дIадоьлхучу юкъанна буьрсачу снайперо айеллачу ойланца дуьйцура Майданех.

2014-чу шарахь Iай Украинехь революцин хиламаш болчу заманчохь лазийначарна медицинан гIо латточу куьпахь ха деш хиллера шиммо: бусулбачу Аминас а, суьпа иудейс а.

Ший а хиллера Украинан патриоташ. РогIа-рогIана вовший хийцалуш хиллера и шиъ хIора ламазан хенахь.

ХIетахь, Майданехь 20 градус шийла лаьттачу четарахь шелъелла, цомгуш хиллера Амина. Шен ма хуьллу са диттинера цо, герзаш деттачу хенахь охьа ца йожа гIерташ, амма толам баьккхинчул тIаьхьа гIора эшнера цуьнан, пневмони олу лазар кхетарца.

Путинна кIелойина аьлла, лаьцна латто Адам схьавоьхура Оьрсийчоьно. ТIеман а, медийн а персона ша хиларе терра, Аминас ийза а ца луш емалдора Нохчийчуьра Iедалш, йозуш йоцчу Ичкеригахьа ша хилар дIа а хоуьйтуш.

Окуева Амина а юьйш, кIело йинчул тIаьхьа

Адамца даим а цхьана хуьлура и шиъ. Аминас а, Адама а лелочу Джипан терго латтайора даимна а. Толлура машен, цу чу оьккхуьйтург йиллиний хьовсуш.

Киевн урамашкахь "Оьрсийчоьнан ларца" кест-кеста политикан бух тIехь адамаш дайаро само латто декхаредора и шиъ.

ХIетте а, хIусамден а, хIусамненан а дахар чулацаме дара. Интервьюш лора цушиммо, спортзале оьхура, кафе лелара.

Ресторане хIума кхалла тхо чудирзича, Аминас ша ю хьошалла деш аьлла, дIакхайкхийра. Амма билгалдаьккхира цо, ша къаьркъанах ахча дIалур цахилар. Цо шариIат лардора, маларца уьйр яцара цуьнан.

Брестехь дехьа ца бовлуьйтуш аьхка дуьйнна латточу мухIажиршна аьлла, йовха бедарш вовшахтуьйхира Аминас. Украинехь дIахIоьттинчу керлачу Iедалша шен махкахошна тховкIело лур ярий-те бохуш, са а гатдора цо.

"Ахчанаш лур дац кхара, уьш балха хIитто а, церан кхерамзалла Iалашъян а аьтто хир бацара-те", - бохуш, дIасаидира иза.

Амма ца кхиира и гIуллакх чекхадаккха а.

***

2017-чу шарахь Мангал-Беттан 1-чу дийнахь журналист ву ша аьллачу киллеро машенчохь Адамна герз тоьхнера. Дуьхьал тапча тоьхна Аминас чевнаш йинера зуламхочунна.

Окуева Амина

Цхьа хан яьллачу хенахь Амина тIекхиа гIертара, и мIаьрго лагIйина йоккхучу кино чохь санна шена дагахь латтарна. Израилерчу цхьана тIеман говзанчаца консультаци а йинера цо оцу хьокъехь.

Керла Глок олу тапча еллера Аминина. ТIаккха ас лелочу Иерихо тапчаца юьстира оха Глок, герзаш, кхийсарш, журналисташа шаьш муха лардан деза а дийцира оха.

КIело царна йинчул тIаьхьа уьш ларбан хадархой хIиттийра. ХIетахь яздира Аминас: "ХIинца юха а йоьлур ю-кх хьо. Мила ву хаьий хьуна тхан ха деш? "Беркут" олу тоба. (Майданан хилла дуьхьалончаш). ХIаъ, уьш бу-кх, оха коктейлаш тIелестийнарш. Дагалоьцуш Iийра тхо, мила стенгахь, муьлхачу баррикадехь вара. Цара хоьтту: шуна цкъа а дагадеана хир дацара, оха шаьш лардийр ду аьлла. Ас боху, коьрте а ца деанера".

Экстремале хьелашкахь даим а санна забарш йора цо: "Кеста нерваш кхачор ю сан..машен чохь музыка ю хезаш. Шансон! Машен тхан яц, урхаллера ю. Сан маттах хьерча и эшарш, коьртера а ца йовлу. И бен кхи цхьана а кепара бехк бац сан цаьргара баккха. Оха дIаяккха аьлча, цара магнитофон дIайойур яра аьлла, тешна ю со. Амма хьуна девза-кх со а, Адам а. ТIех гIиллакхе ду тхошиъ".

Юха яздира цо: "Аьхка тIеюхуш лартIехь ши коч бен яц сан. Ишта-м и шиъ тоьаш яра суна. Тхошинна кIело ечу дийнахь суна тIехь хилла коч цIийх юьзна яра. Талламчаша дIаяьхьна и, юха ца елира соьга. ХIинца цхьаъ лелош ю-кх со. Секонхенд чу яхара со шозза а, амма лартIехь хIуммаъ эцар ца хуьлу сан, улло ваьлла хадархо хиларна. Цхьаьнга тегийта еза ас бохуш, ойланаш еш Iа со. Тоьгуш ахча дукха долу, амма хьуна тIехь мегаш хуьлу тегнарг".

Окуева Амина

Шаьш лардеш нах белахь а, снайперх кхоьрура Амина. Герз чекх ца долу бедар лелайора цо тIехула юхий. Броне-хьиджаб лехча ма дика хир дара олий хетара суна хIетахь. Туьканашкахь эца ца карайора иштаниг. ТIаьхьо Адам а, Амина а ха доцуш дитира.

***

Аминина лаьара дуьненна го таса, Израиле ян лууш ю ша а олура цо. Амма Адам витина яха ца лаьара, Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу лехамашка веллера иза.

ТIаьххьара Аминица къамел хилира сан иза ен пхи де диссинчу заманчохь. Украинерчу экономикан хьолех дийцира охашиммо. Цо яздира: "Дера хала ма ду... ТIеман а, коррупцин а хIу ца дайало…"

Текстан автор Михальченко Лидия