Ермоловн цIе тилла мегаш ю Минводерчу аэропортана

Ермолов Алексей.

ДIабирзина Минводерчу аэропортана цIе туьллуш "Сийлахь Оьрсийчоьнан цIерш" цIе йолчу конкурсан шолгIа мур. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

Хьалхатеттинчу 10 цIарна юкъахь рогIерачу муьре яьлла поэтан Лермонтов Михаилан а, инарлан Ермолов Алексейн а, лоьран Смирнов Семенан а цIе.

Конкурс маца дIайоьрзур ю хууш дац.