Кхечу пачхьалкхийн пропагандана дуьхьало ян 40 миллион доллар хьажийна Iамерко

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа 40 миллион доллар хьажийна кхечу пачхьакхийн пропагандана дуьхьало ян. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан Пачхьалкхан департаменан пресс-сервисо.

И ахча делла "Глобалан зIе латторан центрна" (Global Engagement Center). И урхалла жоьпаллехь хир ю Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а, Китай а санна йолчу пачхьалкхаша Iамеркана информацин Iаткъам барна духьало ян.