Полисхоша ши жима стаг вийна Нохчийчохь

Архивера сурт.

"ТIеман тобанан декъашхо хила мега, аьлла шеко йолу" ши стаг вийна Нохчийчуьрчу полицин белхахоша ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Цунах лаьцна, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллана тIе а тевжаш, хаам бина "Регнум" агенталло.

Болчу хаамца, и шиъ ву 17, 24 шераш долу ши жима стаг. Мартан-чу эвлахь полисхойн машенна герз тоьхначул тIаьхьа цу шинах цхьаъ вийна, важа кхелхина дарбанан хIусаме вуьгуш, дуьйцу полицин хьукмато. Дийцарехь, полисхошна юкъахь вийна а, лазийна стаг вац.