Спортан рекорд хIоттийна Нохчийчуьрчу 5 шо долчу кIанта

Кураев Рахьим.

Нохчийчуьра 5 шо долчу кIанта Кураев Рахьима керла дуьненан рекорд хIоттийна, 2 сохьтехь 25 минотехь 4105-зза куьйгаш тIехь дегI а лелийна. Иза цо деш хьожуш хилла республикера спортан министр Ханариков Муса.

Делахь а Оьрсийчуьрчу рекордийн Книгин векалийн цхьацца хаттарш кхолладелла. И бахьана долуш, кхин а цхьа кIира даьлча, и нах тIехьожуш а болуш, рекорд юхахIотто дагахь ву жима кIант.

Нохчийчуьрчу министро дийцарехь, хьалха хилла рекорд хIоттийнарг ву ГIалмакхчуьра спортхо.