Калифорнехь йийлинчу цIерашкахь 83 стаг велла

Калифорнехь йийлинчу цIерашкахь беллачийн терахь 83 хьаладаьлла. 560 стаг вайна, лоьхуш ву. Меттигерчу Iедалхоша бахарехь, царех дукхахберш дийна хила а тарло, амма царна хууш дац, шаш тIепаза дайна лоруш дуйла.

Ши кIира сов хан ю Калифорнехь цIераш юьйлу. 14 эзар цIа хIаллакдина оцу зуламо. Кхааридийнахь Калифорнин Къилбаседанехь тIаьххьарчу беттанашкахь дуьххьара догIа деара. ЦIе яйарехь доккха гIо а хилира цунах. Делахь а кхерам алсамбаьлла хIинца нах лоьхуш, операцехь болчу орцанхошна.

Калифорнин исторехь дага а догIуш, тIаьххьарчу 100 шерачохь кхушаралерачу цIейийларша къаьсттина даккхий зенаш дина.

1918-чу шарахь Калифорнерчу хьаннашкахь цIераш йийлина велира эзар сов стаг.