Президентан харжамийн шолгIа мур бу дIахьош Гуьржийчохь

Гуьржийчоь. 28Лахь2018.

Президентан харжамийн шолгIа мур бу дIахьош кхаарин дийнахь Гуьржийчохь. И дарж къовсуш ду Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партино гIортор еш йолу Зурабишвили Саломе а, оппозицин кандидат Вашадзе Григол а.

Зурабишвили а, Вашадзе а ши а хилла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран даржехь.

Президентан харжамийн шолгIа мур тIекхочуш Дуьненаюкъарчу Transperancy International вовшахтохаралло дIахьедар динера, Зурабишвили толийта Iалашо йолуш, харц кехаташ ду кечдина махкахь дIасадоькъуш аьлла.