Левада-центр: Путинна реза болчу нехан терахь хийца ца делла Оьрсийчохь

Гайтаман сурт.

ТIаьхьарчу хенахь махкахь хIоьттинчу хьолана реза боцучу нехан аьзнаш мелла а алсам хезаш далахь а, Iедалан институташ бечу балхана реза боцучу нехан терахь дукхха лах ца делла Оьрсийчохь. Иштта Левда-центро бинчу хаамца пачхьалкхан гIуллакханш нийсачу агIор доьлхуш ду аьлла хеташ бу 47% респонденташ. 42% нисса бIостанехьа ойла йолуш бу.

Путина президентан даржехь бечу балхана реза бу 66% бахархой. Реза бац - 33%. Изза гайтамаш бара ГIадужу-баттахь а.

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш тIедогIучу кIирандийнахь хилча мила хоржур вара аш цу дарже аьлла, хаттар а луш, таллам бинера Левада-центро ГIадужу-баттахь. Цуьнан жамIаш хIинца арахецна социологаша.

Левада-центро бинчу талламца, 40% харжамхой кийча бу Путин Владимир юха а президент харжа. Нисса шо хьалха цу нехан терахь дара 53%. ШолгIачу меттехь ву Жириновский Владимир (4%). КхоалгIа могIа дIалаьцна Грудинин Павела (3%). Цул а цхьа процент тIаьхьавуьсуш ву Зюганов Геннадий.

Цуьнца цхьаьна, пачхьалкхана хьалха лаьттачу проблемашна жоьпаллехь президент Путин ву аьлла хетачу нехан терахь алсамдаьлла кху тIаьхьарчу шарахь. Цу тайпа ойла йолуш стохка 55% респонденташ хиллехь, кху шарахь церан терахь ду 61%.