Кавказерчу регионашна юккъера посташ дIаяха еза аьлла Кадыровс

Къилбаседа Кавказан субъекташна юкъара блокпосташ дIаяха еза аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Къилбаседа Кавказан регионаша административан дозанаш дIацIандан деза блокпостех. Массо а республикашна юкъахь посташ ю хIиттийна. Царех хуьлуш пайда а бац. Зуламхой дехьа ца билийта тухуш ду и зайлаш? Царна дехьа-сехьа бийла некъаш карор ду ишта а. Вуьшта, бахархоша дукха хан йойу цу дуьхьалонех чекхбуьйлуш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Кадыровс бахарехь, "Кавказ а. Оьрсийчоь а цхьанатоха еза, царна юккъе дозанаш а ца детташ".

Соьлжа-ГIаларчу медиафорумехь Матовников Александре а, массо а регионийн куьйгалхошка и хаттар дийцаредаккха аьлла Кадыровс.