Нурмагомедов а, Майвезер а маца летар ву къаьстина

Нурмагомедов Хьабиб (аьрру агIор) а, Тухугов Зубайр а

lамеркан боксёран Майвейзер Флойдан а, ММА-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан а латар Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат-Аренехь" хила тарло Стигалкъекъа беттан 4-хь. Цуьнах лаьцна дуьйцу латархочун дас, Нурмагомедов Абдулманата шен "Известии" хьостаца хиллачу интервьюхь.

"Хьабибан а, Майвейзеран а латар хила йиш йолуш ду. Флойд ша зIене ваьлла тхан командица. Шина а агIонна пайдехьа ду иза, иштта бакххийчу инвесторшна а",- тIечIагIдина тренеро.

Абдулманатана хетарехь, Флойдан хан тидаме эцча, Хьабибан толам баккха хьелаш дукххо ду.

"Майвезер геннарачу латарехь хьуьнар долуш ву. Маса а, шех бIобулу спортхо ву иза. Ткъа Хьабиб ву эшна вогIуш? ХIун хаттарш хила йиш ю цуьнан латаран техникана, Барбозу Эдсонера а, Джонсон Майклера а, Макгрегор Конорера а цо толамаш баьхна хилча? Цул совнаха, хIинца тхан хан ю цуьнан боксёран техникана тIехь болх бан, Ломаченко Анатолийн а, Василийн а гIоьнца", - мах хадийра Абдулманата Хьабибан къийсамхойн таронийн.