Нохчийчоь Iамеркахошна кхераме хета Пачхьалкхан департаментана

Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хийцина, Оьрсийчу ца боьлхуш совца аьлла, шайн махкахошна дина хьехар. Цунах лаьцна хаам бо "Интрефаксо". Оьрсийчоь хIинца юкъатоьхна Iаморкахой вуно ларбала безаш болчу пачхьалкхашна.

Цуьнца цхьаьна, хьалха санна, Iамеркахошна баха оьшуш дац Къилбаседа Кавказе, шена юкъахь Нохчийчоь а йолуш, терроран тIелатарш дарна кхерам хиларна а, бахархоша къепедацарш лелорна кхерам хиларна а.

Цул сов, Iамеркахошна баха магийна дац "Оьрсийчоьно дIалаьцначу Украинин территори" йолчу ГIирме.